Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «ДІаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тІехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хІорш ду: кІоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. Амма нох доккхуш долчу я шина декъе екъаелла берг йолчу дийнатех хІорш ма даалаш: эмкало нох даккхахь а, цуьнан бергаш екъаелла яц. Иза шуна хьарам ю. ГІамарпхьагал а нох доккхуш ю, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. Пхьагал а ю нох доккхуш, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. Хьакха кІорггера хоршаца шина декъе екъаелла бергаш а йолуш ю, амма цо нох ца доккху. Иза шуна хьарам ю. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Іотта. Уьш шуна хьарам ю. Хи чохь а, хІорда чохь а долчу дийнатех кІеда а, онда а пелагаш дерш даа мегар ду. Ткъа пелагаш доцурш, хи чохь а, хІорда чохь а Іаш а, нека деш а дерш, шуна дегаза хета деза. Уьш шуна хьарам ду: церан жижиг а ма даа, церан чархаш а дегаза а хета. Хи чуьра пелагаш доцу массо а дийнаташ шуна дегаза ду. Олхазарех хІорш шуна хьарам а ю, яа мегаш а яц: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, маккхал а, шен тайпанашца леча а, шен тайпанашца муьлхха къиг а, страус а, бухІа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, соька а, чІерийдохург а, ибис а, бухІа а, пеликан а, сип а, аист а, шен тайпанашца зуя а, хІуттут а, бирдолаг а. ТІемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна. ТІемаш а долуш, лаьттахула текхачу сагалматех цхьаерш яа мегаш ю: лаьтта тІехула кхиссаялархьама, шайн когашна тІехула настарш ерш ю уьш. Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цІоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солІам а, хьаргол а цІераш йолу цІоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а. Кхин муьлхха а тІемаш долу а, лаьттахула текхаш йолу а сагалмат шуна дегаза ю. ХІинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кІорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Беа кога тІехь лелачу акхаройх тІодаш тІехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю. Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а, ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цІераш йолу моьлкъарчий а. Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Цара Іамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цІенаниг боьхачух схьакъасто а.
Выбор основного перевода