Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду Нохьин тІаьхьенах хилларг. Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цІена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. ХІунда аьлча хьалха, хи тІедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц. ХІумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тІе а даьлла, хІаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КІант схьавогІучу хенахь а. Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КІентан деношкахь а. Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хІордкеманна чу валлалц. Амма цул тІаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хІаллакьхилира. Тешар хиларна, цу хенахь хІинца а ган йиш йоцуш долу хІума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кІелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тІаьхьало елла цунна Дала. Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен.
Выбор основного перевода