Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гобаьккхина долу лаьтта бухара хьаладуьйлу хиш совцийнера, стигалш дІа а къовлаелла, догІучуьра догІа а сацийнера. ТІаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неІарш дІайиллира, иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хІорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара. Іадоран маьхьарх веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву. Стигалара, неІарш дІа а йиллина, Іовраш чухоьцур ю, лаьттан бух бегалур бу. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ас хьо яссор ю, чохь Іаш цхьа а стаг а воцуш йолу гІаланаш санна хир ю хьо. Ас хьуна тІе хин тулгІенаш хьалаайор ю, хьо цаьрга хин буха яхьийта. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
Выбор основного перевода