Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хІара паччахьаш хиллера: БеІаран кІант БулаІ. Цуьнан гІалин цІе ДинхІаба яра. БулаІ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гІаларчу Зерахьан кІант Ябаб. Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам. Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кІант ХІадад. Муаби-махкахь маданхошна тІехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гІалин цІе Іавит яра. ХІадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гІалара Самла. Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гІалара Шаул. Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Іахбаран кІант БаІал-Хьанан. БаІал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХІадад. Цуьнан гІалин цІе ПаІу яра. ХІададан зудчун цІе яра Ма-ХІайтІабал. Иза МезахІабан йоІан Матарадан йоІ яра.
Выбор основного перевода