Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тІаме бевлира Іамалекхахой. Везачу Эло Мусага элира: «ХІокху тІамах лаций тептар тІехь дІаязде, тІейогІучу тІаьхьенашна хІара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаІе ала, Ас Іамалекхахой лаьтта тІера тІепаза бойур бу алий». «Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогІуш Іамалекхахоша шайна динарг: новкъахь уьш шуна тІелетира. Новкъахь шу кІадделла а, хІиттина а долчу хенахь, шуна тІехьа богІучу гІелбеллачарна тІелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. Иштта шун Везачу Дала массо а агІор шун мостагІех шаьш паргІатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тІехь Іамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кІелара дІадаккхалаш, иза диц ма делаш». Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Іамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цІа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар. ХІинца, ваха а гІой, Іамалекхана тІелата, цуьнан мел долу хІума, къинхетам ца беш, хІаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагІ, эмкал, вир – ша мел долу хІума, дей, дІадаккха“».
Выбор основного перевода