Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СеІиран кІентий бара: Лутани, Шубали, ЦІибІон, Іана, Дишон, Эцар, Дишан. Лутанин кІентий бара: Хьори, ХІейма. ТамнаІ Лутанин йиша яра. Шубалин кІентий бара: Іалиян, Манахьат, Іейбал, Шапи, Онам. ЦІибІонан кІентий бара: АяхІу, Іана. Іанин кІант вара: Дишон. Дишонан кІентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан. Эцаран кІентий бара: БилхІан, ЗаІван, ЯІакхан. Дишанан кІентий бара: ІуцІа, Арани. СеІир-лаьмнашкахь Іаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тІекхаччалц долу къаьмнаш эшийра. СеІир-лаьмнаш тІехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Іесаван кІентий, уьш дІа а лаьхкина, шайна гучуьра дІа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.) СеІир-лаьмнашкахь бехаш болчу Іесаван тІаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хІаллакбира. Іесаван тІаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу.
Выбор основного перевода