Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирІун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагІий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира. Ибрам цу хенахь чІогІа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара. Везачу Эло массо а хІуманна тІехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дІахІоьттина. Везачу Эло ИбрахІимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гІарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла. Цуьнан дуккха а хьал вовшахкхийтира. Бахам тІаьхь-тІаьхьа алсамболуш, иза чІогІа вехаш стаг хилира. Цуьнан дуккха а даьхни а, ялхой а бара, цундела пІелаштамхой хьоьгура цунах.
Выбор основного перевода