Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта Дала шун дегара даьхни, схьа а даьккхина, суна схьаделира. Цкъа даьхни вовшахкхетачу хенахь суна гІан гира: гезарий оре лаьцна бежалой къорза а, махарчий я томмагІаш долуш а яра. Делан малико элира соьга гІенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, – аьлла. Цо элира: „ДІахьажал: гезаршца цхьаьнакхетта ерриг а бежалой къорза а, махарчий я томмагІаш долуш а ю, хІунда аьлча Суна гина Лабана хьуна бина тешнабехк.
Выбор основного перевода