Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тІе мох бахийтира Дала. ТІаккха хиш лагІделира. Цкъа йоккхаха йолчу йоІа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тІехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац. Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тІекхаьчча, цо кІант вира, цуьнан цІе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цІе цунна тиллар и кІант Хьаната Деле вехар дара.
Выбор основного перевода