Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза декъал а йина, цунна кІант лур ву Аса. Цу кІентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу». Ребикха дІайоьдуш цуьнга элира: «Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тІаьхьенаша шайн мостагІийн гІаланаш схьайохийла!» Хьуна гІуллакх деш къаьмнаш хуьлийла, хьуна муьтІахь халкъаш хуьлийла! Хьо хьайн вежаршна тІехь олалла деш хир ву, уьш хьуна хьалха охьатаьІна хир бу. Хьуна неІалт кхайкхош верг неІалт хилла хир ву, хьо декъалвеш верг декъала хир ву». хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан. Хьайн вешин ялхо хир ву хьо, амма цунна дуьхьал а гІаьттина, цуьнан олаллин кІелхьара вер ву хьо». Кхадешера Эдоман паччахьна тІе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш. Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дІахІиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дІахІоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цІа воьрзуьйтура. амма Іесав а, цуьнан тІаьхье а дІатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангІалкхашна дІаделира». Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». И ши кІант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Іалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Іалашо. Динчу гІуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза.
Выбор основного перевода