Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іелас цуьнга элира: «Марша гІойла хьо. Исраилан Дала хьан доІанна жоп лойла». Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, Исраилан халкъана тІера ун дІа а даьккхира. Цара мостагІашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гІо дира. ХІагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хІума а оцу тІемалойн кара дахийтира, хІунда аьлча шаьш тІом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тІемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дІахезнера. Маннаша Везачу Эле доІа дича, Цо, дІа а хезна, Маннашан доІа тІеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дІахІоттийра. ТІаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх. Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира. Бераш Везачу Элан тІаьхье ю, уьш Цо делла совгІат ду.
Выбор основного перевода