Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан къамел чекх ца даьллера, ИбрахІиман вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а кІентан Бетаалан йоІ Ребикха, белш тІе йиллина кхаба а яхьаш, шовданна тІе еача. Иза хи мелла ваьлча, йоІа элира: «Ас тоъал хьан эмкалшна а малор ду хи». «Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со», – аьлла, жоп делира Ребикхас. Ребикхин Лабан цІе йолуш ваша вара. ЙоьІан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чІуг а, ши хІоз а гина, араиккхина, шовда долчу дІахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гІу йолчохь лаьтташ вара. Исхьакха шен ненан четар кІел дІайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чІогІа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна.
Выбор основного перевода