Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
стигалшка а, лаьтте а хьажархьама, лохха охьатаьІаш волчу а? Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла, лахахь верг а го Хьуна. Кура верг а геннара вевза Хьуна. Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу. Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. Цо вайн муьлххачу а гІайгІанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гІайгІанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама.
Выбор основного перевода