Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дог цІена доцучу стеган дукха баланаш бу, ткъа Везачу Элах тешна Іаш волчунна Цуьнан хедар боцу безам хуьлу. Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду. Іийсана ямартло йина волчу ЯхІуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хІун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна». Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цІийнан керта дІа а кхоьссина, ЯхІуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира. КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа. Оцу дерригене а ладоьгІча, церан дуьхьал ала хІумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тІеберза, Шеца дахар хилийта». Суна-м ца лаьа цхьана а хІуманна тІехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Іийсан, жІарах дІатохаран тІехь бен! И жІара бахьана долуш хІара дуьне суна дІадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дІаваьллера. Карарчу хенахь муьлххачу а таІзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тІаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу. Шуна хаьа, цул тІаьхьа Іесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дІатесна хилира. Цуьнга хІумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а. Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таІзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш.
Выбор основного перевода