Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хІума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху. Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гІолехь дара шуна, гІайгІанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дІаваьккхина хилар а. Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тІех луьра ца олуш дитича. Иза аса яздинера, шу зийначул тІаьхьа, шу массо а хІуманна тІехь соьга ладугІуш дуй те хьажархьама.
Выбор основного перевода