Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Іийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хІинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“? ХІинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дІаэккхор ву хІинца. Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хІуманал тоьлуш а волуш. Цундела Дала чІогІа Іехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш.
Выбор основного перевода