Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хІора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагІий санна хета царна».
Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дІахІиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хІаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха.