Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гІо вай», – хІунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.) Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хІара лочкъийла йолчохь ма Іе. Вало, ЯхІудан махка дІагІо». Цигара дІа а ваьлла, Дауд дІавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира. Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тІаьххьалц а хиллачу гІуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тІехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тІехь а.
Выбор основного перевода