Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Веза Эла юха а оьгІазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гІой, Исраил-махкахь а, ЯхІуд-махкахь а долу халкъ дагарде». Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гІой, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта». ТІаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бІозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хІунда оьшу иза?» Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб а, кхиболу тІеман хьаькамаш а. Уьш, паччахьна уллора дІа а бахана, Исраилан халкъ дагардан бахара. Йордан-хил дехьа а бевлла, ІаруІерахь севцира уьш, тогІи чохь йолчу гІалина къилбехьа. Цу тІера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯІзир-гІала йолчу дІабахара. ТІаккха уьш ГалІада а, ТІахтайм-Хьудшин а латтанашка дІабахара, уьш кхин а Дан-ЯьІнехула чекхбевлира. ТІаккха уьш, го а баьккхина, ЦІадан йолчу бахара. Иштта Цорарчу гІопехула а, хьаьвихойн а, канаІанхойн а гІаланашкахула а чекхбевлира. ТІаьххьара а ЯхІуд-махкана къилбехьа Іуьллучу Беар-ШабаІе кхечира уьш. Массо а махкахула чекх а бевлла, исс буттий, ткъа дей даьлча, уьш Ярушалайме кхечира. Нах багарбаран жамІ паччахье дІаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу бархІ бІе эзар исраилхо хилар, ткъа яхІудхо – пхи бІе эзар стаг. Ша халкъ дагардина ваьллачул тІаьхьа, юьхьІаьржачу хІоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хІума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧІогІа хьекъале доцу хІума дина аса». Вукху дийнахь Іуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. Везачу Эло Гадига элира: «Ваха а гІой, Дауде дІаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таІзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайта’“». Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «ВорхІ шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна хьайн махкахь, я кхаа баттахь хьайн мостагІех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь хьан махкахь ун хІуттийла лаьа хьуна? Ойла а яй, соьга хаам бе, хІун ала аса со Ваийтинчуьнга?» Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дІадалийтахьара тхо, Цуьнан къинхетам боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дІа ма далийтахьара». Цу Іуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тІекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу латтанаш тІехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш. Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара. Адам хІаллакдеш долу малик шена гича, Дауда Везачу Эле элира: «Аса къа латийна! Сан бакъо йоцург дина аса! Амма хІокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагІий санна, суна тІаьхьахІиттина лелла. Цундела Хьан таІзар суна а, сан ден доьзална а тІе доьрзийла». Цу дийнахь Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Ваха а гІой, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттахь». Дауда Везачу Эло Гадигахула шега аьлларг кхочушдира. Аравнина ша волчу вогІуш волу паччахь а, цуьнан ялхой а гира. Ара а ваьлла, цо паччахьна хьалха лаьтта кхаччалц корта охьатаІийра. Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хІунда веана те?» Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама». Аравнис Дауде элира: «СагІа даккха шайна оьшуш мел долу хІума схьаэца. Дийнаташ дагоран сагІина оьшуш долу стерчий а, дечиган метта мекха а, стерчийн дукъ а кхузахь ду шуна. И ша мел ерг а ас хьуна дІало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хІума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна». Амма паччахьо Аравнига элира: «ХІан-хІа! Везачу Элана лерина долу сагІа маьхза даккха ца лаьа суна. Аса цу лаьттах богІу мах хьуна дІалур бу». Дауда хьаьтта а, стерчий а ийцира, цунах шовзткъе итт шекхал дети а делла. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, Исраилан халкъана тІера ун дІа а даьккхира. Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дІа ца язбира, хІунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваІда динера. ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа а деъна. Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?» Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Со лаьтта тІехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дІаса а лелла, юхадеана со». ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш ву иза». Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар? Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цІа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу. Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хІуманна тІе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву». ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хІума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Іотта». ШайтІа Веза Эла волчуьра дІадахара. Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІиттира. Царна юкъахь шайтІа а дара. Везачу Эло хаттар дира цуьнга: «Хьо стенгара схьадеана?» – аьлла. Везачу Элана жоп луш, шайтІано элира: «Со лаьтта тІехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дІаса а лелла, юхадеана со». Везачу Эло шайтІане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хІуманах ларлуш ву. Иза хІинца а чІогІа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахІоттийнехь а». Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦІокана дуьхьал цІока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хІума дІало. Хьайн куьг дІа а кховдадай, цуьнан даьІахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бІаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!» Везачу Эло шайтІане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза». ШайтІа Везачу Элана уллора дІадахара. Цо Аюбан дегІа тІе когаш тІера дуьйна коьрта тІе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даІ туьйхира. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. Везачу Эло элира шайтІане: «Ва шайтІа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гІала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦІерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?» Везачу Эло элира: «Ва ШамІа! Иблис шу, кІа санна, дІасакхийсина хила лууш ду, И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагІа а олу. Цо дерриг а дуьне Іехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.
Выбор основного перевода