Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта, шен ГавІон цІе йолчу гІала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагІа даккхархьама, сагІа даккхаран коьрта барз оцу гІалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагІа доккхучу кхерчан тІехь эзар дийнат дагоран сагІа доккхура Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦІадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавІонан гу тІехь долчу Везачу Элан цІа чохь. Шен бІаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тІехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТІаккха Дауд а, къаной а, тІехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тІе лаьтта охьаийгира.
Выбор основного перевода