Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цора-гІалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тІулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цІенош дира. ТІаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чІагІвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а. Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гІарбаш-зударий а бигира. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира Даудан. Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Ибхьар, Эли-ШуІа, Непаг, ЯпияІ, Эли-ШамаІ, ЭлидаІ, Эли-Пулат. ПІелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дІахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чІагІйина йолчу меттиге дІавахара. Ткъа пІелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь охьахевшира. Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». Дауда, БаІал-Паруциме а вахана, пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цІе, БаІал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). ПІелаштамхоша цигахь шайн цІуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира. Юха а пІелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь охьахевшира. Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТІехьахула тІе а гІой, комарийн дитташ долчу агІор царна тІелата. Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дІавоьдуш санна, гІовгІа хазахь, сихха царна тІе гІо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пІелаштамхойн эскар хІаллакдан воьдийла». Дауда Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира. Цо пІелаштамхойн эскар ГавІон-гІалара дуьйна ГІазар-гІалина тІекхаччалц эшийра.
Выбор основного перевода