Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тІелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогІур вац: ур-атталла бІаьрзечарий, астагІчарий дІалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара. Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гІап схьаяьккхина. ТІаьхьо цу гІопана, «Даудан гІала» аьлла, цІе тиллира. Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кІелахь йолчу биргІанехула ваха веза, „бІаьрзе а, астагІа а“ болу сан мостагІий болчу царна тІекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагІа верггий, бІаьрзениггий цІа чу вогІур вац». Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. Даудан паччахьалла чІагІлуш дІадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара. Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дІа ца лахкабелира. Уьш хІинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тІаьхьенна юкъахь бехаш бу. Везачу Эле гІо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кІентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаІал санна долчу харцделанашна Іамал еш дара тхо», – бохура цара.
Выбор основного перевода