23
Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегІ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхІус кхин а. КІади деш йолчу чорхан гІуркх санна, чІогІа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхІус, карахь гІаж а йолуш, мисархочунна тІе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза.
Цуьнан гоьмукъан гІаж, кІадидархочун гІирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бІе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хІоьттина вогІуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара.