Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Микин шен делан цІа дара. Цо ийпад а, цІуш а бира. Цул тІаьхьа цо, шен кІенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогІи чохь шен меттамотт дІа а хІоттийна, пІелаштамхошна дуьхьал тІом бан кечвелира. ТІаккха Дауда, ведда тІе а вахана, цунна тІе ког а баьккхина, пІелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира. ПІелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дІабахара. Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш.
Выбор основного перевода