Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхІу а вара. (Иза вара Ахьтубин кІант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Іелин кІентан Пайнехьасан кІант.) Цигахь долчу халкъана ЯхІуната дІавахнийла ца хаьара. Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гІала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дІакхаьчча, цу гІалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогІий хьо?» Динан дай Іийна йолчу Нуб-гІалара адам а хІаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кІегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагІий дайина дІадехира, тур детташ. Иза, динан коьрта да Абу-ЯтІари волчу хенахь, Делан цІа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
Выбор основного перевода