Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПІелаштамхойн эскаран тоба йолчу хІара шиъ дехьавала кечвеллачу новкъахь дехьай, сехьай лаьтташ чІогІа ира ши тарх яра. Цхьаннан цІе БоцІацІ яра, вукхун цІе Сенна яра. Цхьа тарх къилбаседехьара Михмасана тІейирзина лаьтташ яра, важа ГебаІ-гІалина къилбехьара тІейирзина яра. ЯхІунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гІо дан мега вайна, хІунда аьлча Цунна хала дац вайна гІо дан, вай мел делахь а». И шиъ, хьала а ваьлла, пІелаштамхошна гуччохь дІахІоьттича, вукхара элира: «Іебархой шаьш дІалечкъинчу чІожа чуьра арабовлуш бу». Дауд цу хенахь чІагІйинчу меттехь вара, ткъа пІелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гІалахь хилла.
Выбор основного перевода