Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
цо кхо эзар исраилхо шена дІахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхІунатица Бен-Яманарчу ГибаІ-гІалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цІа бахийтинера. Ткъа пІелаштамхой исраилхошна дуьхьал тІом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гІудалкх, ялх эзар говрахь волу тІемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХІордан йистера гІум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Шаул шен кІантаца ЯхІунатица а, шаьшшинца бисина болчу нахаца а Бен-Яманан ГебаІ-гІалахь сецира, ткъа пІелаштамхой шайн меттамотт лаьттачу Михмасехь бара. ПІелаштамхойн хьалхара тоба Михмасерачу лаьмнел дехьадовларе дІаяхара.
Выбор основного перевода