Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
И нах цара векалшна хьалха дІахІиттийра. Векалша, доІа а дина, царна тІе куьйгаш дехкира. Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ. Стом ца лучу боданечу гІуллакхашна юкъа ма гІерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. Хьайгахь долу Делан Синан похІма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тІедахкарца а хьуна делла ду иза. Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тІедахкарехула, Дала хьайна деллачу похІмин алу кхин а йовха ягийталахь.
Выбор основного перевода