Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. «Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе. Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КІант дІавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача. Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Іийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хІуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хІара тІедуьллу: И хІуманаш нахана дагадаийта. Далла хьалха дІахьеде цаьрга, дешнаш тІехула къийсамаш ма бе алий. ЛадоьгІурш галбахар бен, иза цхьанна а пайденна дац. Дала леррина къобалвина волу Іийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чІагІо а еш, ас хІара весет до хьоьга:
Выбор основного перевода