10
Шен дикачу гІуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тІе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гІуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гІо а деш, муьлхха а дика гІуллакх дан а гІерташ елахь, иза дІаязъян тарло.
Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кІел садаІа меттиг а ю шуна.
ТІаккха, зудчуьнгахьа дІа а вирзина, Цо ШамІе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бІаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра.
Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш.