Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан бІаьргашна гойла шен хІаллакьхилар, цо ша молийла Ницкъболчун оьгІазалла! Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина, тхо дІасатехкадолуьйту чагІар малийна Ахь тхуна. Цундела цара дечунна тІедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш. Уьш чагІарш муьйлучохь дуккха а хан йоккхучеран, чІогІа маларш муьйлучеран ду. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Делан оьгІазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагІар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Іахарна а хьалха цІергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву.
Выбор основного перевода