Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо гІоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу, цуьнца дика хила еза зама тІееана дела. Билгалъяьккхина хан тІе ма еана. «ХІинца Делан оьгІазлонан тІаьхьарчу деношкахь хиндерг дуьйцур ду ас хьуна, дуьненан чаккхенан билгалъяьккхинчу заманца иза дозуш долу дела, – элира соьга малико. – И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац. Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву. Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дІадели. Эшарш а лоькхуш, наха кхин чагІар ца молу. Молучийн ниха а къаьхьа ду.
Выбор основного перевода