Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гІур ду. Халачу дийнахь сан доІина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь». Мел чІогІа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела! Хьан тІемийн ІиндагІехь адамаша шаьш лардойту. Курачун ког суна тІе ма болийла, къилахь волчун куьйго со дІа а ма эккхавойла. Сан Дела, мостагІех со кІелхьарваккхахьа! Суна дуьхьалбевллачех со ларвехьа. Везачу Эло олу: «Со везарна кІелхьарвоккхур ву Ас иза, Іалашвийр ву Со ларарна. Соьга вон деанчу дийнахь Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа, со Хьайга кхойкхучу дийнахь суна сихонца жоп лохьа.
Выбор основного перевода