Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Веза Эла, со кІелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа. Веза Эла, суна гІоьнна тІеван сихлохьа. Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. – Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргІатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дІабуьгур бу Аса.
Выбор основного перевода