Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна ца хууш дерг Ахь суна Іамадехьа? Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“. Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дІадахахьа сан къинош. Хино дІайоху модаш санна, дІаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цІанвехьа со. Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь. Курачара суна гураш а, речІанаш а хІиттийна, новкъа тІе бой а тесна цара, со лаца хІуманаш охьаехкина. Сан дог цІена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо.
Выбор основного перевода