Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Псалтирь
Параллельные места
Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, негІарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора. Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маІаш а, турбанаш а, цІестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ гІали чу доккхура.
Выбор основного перевода