Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Псалтирь
Параллельные места
Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира. Иштта суьйре а дІаелира, Іуьйре а еара. ДІаделира цхьа де. Делан ницкъ хилар къобалделаш! Исраилан халкъана тІехь ю Цуьнан возалла. Мархашна тІехь ю Цуьнан нуьцкъалалла. Хастам бу Везачу Элана! Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Хастам бу Везачу Элана! Хаставейша Веза Эла стигалшкара, хаставейша Иза стигалан лакхенашкара. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.
Выбор основного перевода