Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесаван (я кхечу тайпана аьлча Эдоман) тІаьхье хІара ю. Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? qac Цqac*хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ІуцІа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тІекхочур буйла, тІаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла. qac Іqac*есаллина дина таІзар чекхдели хьан, Цийонан йоІ, кхидІа йийсарехь Цо хьо юьтур яц. Ткъа ахьа харцонаш ярна, Цо дийр ду таІзар, Эдоман йоІ, Цо гучудохур ду ахьа летош долу къинош. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. «Адаман кІант, СеІир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш, Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагІалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тІехІоьттинчу хенахь, царна тІехь долу таІзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дІаделира, туьре хІаллакдайтархьама. Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хІинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеІир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“». Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара. Теман-гІалина тІе а цІе хьажор ю Ас, цу цІеро хІаллакйийр ю Бацар-гІалин гІепаш а». «Цхьана дийнахь Ас таІзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хІаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дІа а доккхур ду Ас, – боху Везачу Эло. – Хьан тІемалой, Теман-гІала, кхерабелла хир бу, ткъа Іесаван лам тІехь берш хІаллакбийр бу». «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду. Церан хьал хийрачу наха дІахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара. Шу хьогІаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхІудхой хІаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь. Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гІуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тІе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь. Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хІаллакбархьама, дийна биснарш дІабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь.
Выбор основного перевода