Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кІелхьарбаьхна болу яхІудхой шайн махкахь бехаш, чІогІа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Іаш бу. И массо а хІума Ярушалайман пенаш дохийна дІадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». И хІума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доІанаш дора аса. Ярушалаймехь Цийон-лам тІехь Іаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гІо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду. Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ткъе уьтталгІачу шеран боьалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхІуд-махкара йийсаре дІабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дІаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хІиттира. соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. Тал-Авивехь Кабар-хина уллохь Іаш болу йийсарехь берш болчу вахара со. ВорхІ дийнахь Іийра со цигахь, царна юкъахь, чІогІа догдоьхна а волуш. Сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь пачхьалкхан Іейлам олучу декъа тІера Шушан-гІалахь Улай-хин йистехь со лаьтташ волуш гира суна.
Выбор основного перевода