Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагІий. ЦІеххьана юха а бирзина, юьхьІаьржачу хІуттур бу уьш. Сан синна тІаьхьабевллачарна эхь а хетийла, со вен лоьхурш, юьхьІаьржачу а хІиттина, юха а боьрзийла. Сан са хІаллакьхилар лоьхурш юьхьІаьржачу а хІуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьІаьржачу а хІиттийна, юха а берзабойла! Сан синна дуьхьал мостагІалла лелораш, эхь а хетта, дІабовлийла, суна зулам лоьхуш берш юьхьІаьржачу хІиттийтахьа! Ткъа хІинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БІаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!»
Выбор основного перевода