Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан секхаІодан зІенар дІа а яьстина, Дала со гІел а вина, суна гІело а йина. Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш. Цара боху: «Хедийна, дІадохур вай ваьшна тІера церан буржалш, церан олаллех паргІатдевр вай!» qac Уqac*ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву, ткъа Хьан тІедехкинарш бакъ ма ду. Къа ду шун, цІенна тІе цІа а, аренна тІе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хІокху лаьтта тІехь доцуш санна. Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гІалане Цийоне дІахьажал. Хьан бІаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чІагІдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац.
Выбор основного перевода