Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса, Деле доІа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дІахазахьара Хьуна тхан доІанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хІонс санна, йийсаре а бигна, юьхьІаьржачу хІиттабехьа уьш! Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь, дІахазахьа со, сан бакъволу Дела. Хала киртиг тІехІоьттича, Ахь гІо дора суна, хІинца а хилахьа соьца дика, сан доІанна жоп лохьа. Веза Дела, Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа суна. Хьайн боккхачу къинхетамца дІадахахьа сан къинош.
Выбор основного перевода