Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех, Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш. Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бІаьргаш лаьмнаш долчу дІахьажабо, сайна гІо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш. Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тІе хьажийна бу сан бІаьргаш. Хьоьгахула со ларвеш ву, дІа ма тасалахь сан са!
Выбор основного перевода