Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шен нехан лар Іалашйо, хьарамалла лелорш хІаллакбо, уьш боданехь къайла а бохуш. Церан ницкъ хиларх пайда бац, и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь. Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза. Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву. Цуьнан мостагІийн лаамийн дола Ахьа дІа ма лохьа иза. Цо вайн синош а дийна дитина, вайн когаш а бега ца байтина. Везачу Эло Шен маликашна тІедуьллур ду массо а хьан некъашкахь хьо ларвар. Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма. Нагахь цІа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь, иза дечара эрна къахьоьгу, нагахь Везачу Эло гІала ларъеш яцахь, гІаролан сема хилар эрна ду. ТІаккха хьайн некъа тІехула кхерам боцуш дІагІур ву хьо, хьан ког а тасалур бац. хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гІортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу. «Со, Веза Эла, цуьнан хехо ву, Аса шен хеннахь хи туху цунна. Дийнахь а, буса а иза ларйо Аса, цхьаьнгге а цунна зе ца дайта.
Выбор основного перевода