Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХІунда аьлча тхуна тІегІоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хІун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бІаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!» Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бІаьрг, стигалшкара паччахьалла деш Верг! Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра, Веза Эла Шен халкъана гонах ву, хІинца дуьйна массо тІейогІучу ханна. Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тІехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тІе, исраилхойн Тарха тІе воьдучу стеган санна. Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагІа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цІушна корта а бетташ, йина гІовгІа. Исраилан халкъан кІелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац.
Выбор основного перевода