Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Япатан кІентий бара: Гомар, МагІогІ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. Иштта ю церан цІераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тІаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТІелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тІаьхьенна тІамца тІегІорта, хІаллакдай, дІадаккха малхбалехьара долу халкъ. Церан четарш а, жаш а схьадохур ду, церан четарийн шаршуш а, церан бахам а, церан эмкалш а мостагІаша дІахьур ю. Наха цаьрга мохь хьоькхур бу: „Массо а агІор къемат ду шуна тІегІерташ!“ Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цІестах йина пхьегІаш а хьоьгара оьцучу хІуманна дуьхьал а луш.
Выбор основного перевода