Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тІехь а йолуш дІадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду. Цо хІора дийнахь къинхетам а бо, духалург а ло. Цуьнан тІаьхье декъала а хир ю. Іесачеран ницкъ Цо дІабоккхур бу, амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чІагІбийр бу. Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш. Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Тоам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо». Хазаниг дар а, дика гІуллакхаш шортта дар а тІедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.
Выбор основного перевода