Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хІаллакьхир ю Іесачеран сатуьйсийла. АстагІчух буьйлурш санна, соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора. qac Жqac*ирга хета ойланаш Делан лаамехь болчарна дуьхьал Іесачо йо, уьш шена цабезарна цо царна шен цергаш хьекхайо. ДІадоьду хи санна, уьш тІепаза дІабойийла. Шайн Іад цара дуьйлича, пхерчий кегделча санна хуьлийла. ДІайоьддушехь, ешна дІайолу этмаьІиг санна, дІабовлийла уьш. Остаяьллачу зудчун берана санна, царна малх ма гойла. Хьайн диканах йолу билгало гайтахьа суна, со ца везачарна, иза ган а гина, эхь хетар ду, Веза Эла, хІунда аьлча Ахь гІо дина суна, Ахь тевина со. Дикачу нехан сатийсам ирсе бу, ткъа Іесачу нехан дегайовхо кхочушхир яц. Іесачу стеган дІакхалхарца цуьнан сатийсам а дІаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дІадолу. Дала Шен Олалле кхача лиънарш Іаьржачу бодане арабаьхна хир бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».
Выбор основного перевода