Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн аьтту куьйгаца тхо кІелхьар а дахахьа, оха деш долу доІанаш дІа а хазахьа, Хьайна безнарш паргІатбовлийтархьама. Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш, Аса Шехем-гІала а йоькъур ю, Сакхат-тогІи а дІасайоькъур ю. ГалІад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу, Эпрайм-мохк Сан коьртан чІагІо ю, ЯхІуд-мохк – Сан паччахьаллин гІаж ю. Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю. Эдом-махкана тІе Сайн мача кхуссур ю Ас, иза Сайн хилар дІагайтархьама. Хьайн аз айадай, Соьга кхайкха, ПІелаштам-мохк!» ЧІагІйинчу гІали чу хьан воккхур ву со? Эдом-махкана тІе хьан вуьгур ву со? Тхо дІатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела? Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела? ГІо дехьа тхуна мостагІех тхаьш лардайта, хІунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гІо. Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу, тхан мостагІий Цо дІахьошур бу.
Выбор основного перевода