Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дауда пІелаштамхошна тІехь толам баьккхира. Иштта, цо пІелаштамхойн карара цу лаьтта тІехь хилла олалла схьадаьккхира. Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тІе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дІабехира, ткъа кхозлагІчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дІахІиттира, кхунна ял а луш. Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дІахІиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дІахІоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цІа воьрзуьйтура.
Выбор основного перевода